Баркалла кхолламна

1.
Сох къинхетам бина Дала
Вонах ларйина.
Хьанал рицкъа суна цкъа а
Кхоа ца дина.
Хетачул а к1орге хилла
Дахар сан,
Г1о дора лела корта айбина.

Припев:
Даггара баркалла хьуна,
Хьан дикалла суна тайна.
Кхолламо совг1ат луш суна,
Ирсе некъ гайтина.

Кху дуьненчохь дагна мерза
Йигна ахь со ирсан декъа.
Тешамах шеко ца йитна,
Кхолламна баркалла!

2.
Б1аьсте йеъча т1ома йолу
Сирла ойла сан.
Шена эсала т1ейоьхуш,
Догу беттаса.
Везчу Дала ирсе йина
Хилла со.
Дагахь доцуш вовзийтарна хьо.

3.
Хийла аса дахар толлуш,
Денош листина.
Вайна йуккъехь хилла марзо
Дагчохь хьистина.
Баркалла ас олу хьуна
Тахана,
Сан дахарехь хьо уллехь диларна!

Припев

Азман Джабраилова

***
Для Марьям Ташаевой


Рецензии