Сан дахар
Безамо х1орд 1енош,
Ойлано дог делош лелла.
Ирсанна не1 йоллуш,
Халкъана йовхо луш йаьхна.
Цхьалха дац сан дахар,
Диканах со даим тешна.
Жималла д1а йаларх
Ца йайна сан эшарш эрна.
Припев:
2.
Ойлано жималле
Йигча, сан дог т1ома даьлла.
Дахарал а хьалха
Йала г1ерташ, со ца лелла.
Дерриг ирс д1а декъна,
Шу ирсе дан суна лиъна.
Сан дуьнене хьежар
Кхолламо дог хьоьстуш хилла!
Припев:
Сан дахар!
Хьо д1а доьду шераш текхош сан.
Х1ай, зама!
Со дуьненчохь хьаша а хилла
Цв яьхна.
Йоьжча г1атта со ахь 1амийна,
Сан дахар!
Йовхо суна луш, дог хьаьстина,
Сан дахар!
Атта некъаш сайна аса цкъа
Ца леэхна.
Боккха бахам хеташ дикалла
Со йаьхна.
"Ирс долуш хбо дукха йехийла"-
Ахь ала.
Вуочу балехларйан дош
Ахь лохба,
Сан дахар!
Сайн мукъамаш, эшарш,
Деригге сайн некъаш,
Хьоьга зьоьжуш суна 1емина,
Сан дахар!
Азман Джабраилова
***
Исп. Заслуженная артистка РФ,
Народная артистка ЧР
Свидетельство о публикации №125090103482