Розе

Аллах ву вайн даге хьаьжна
Х1ора стега дахар хаздеш,
Сирла ойла хьоьца елахь,
Ц1ена амал юьхьца нисъеш.

Аллах ву вайн низам лардеш,
Х1ора стагна рицкъа яздеш,
Ахь хаьржина белха некъаш
Д1акхехьарца  хьуна г1одеш.

Хуьлийла хьо даим ирсе,
Тахна санна къегина йолш,
Бойла аьтто дикчу Дала,
Ахь лелочах хьо йоккхаъеш.

Неха хьоьца ларам болуш,
Ехач х1усмехь хьан сий долуш,
Хийла маьрша дахаран некъ,
Куьг тоьхначахь,беркат долуш.

Тахна ю тхан ойла, Роза,
Массо роза хьуна дала,
Йинчу денца хьо декъал еш,
Даггар хьоьга х1ар дош ала!


Рецензии