Хазчу дашна доза эшац

Хазчу дашна доза эшац,
Цуна оьшург маршо ю.
Байташ йохуш, къа ца хьегарх,
Хаз дош ала магийн ду.

Деза суннат хаз дош лору,
Г1иллакх цунца доьзна ду,
Бете дог1у х1ора деша
Дола дара вайгахь ду.

Ара волий, саг1а доккху,
Кедахь ризкъа кховдадо,
Цулла деза хаз дош лору,
Адмийн дагна цо там бо.

Байташ йазъеш, къа ца хьегарх,
Хаз дош ала кхоъ ма ло,
Дагахь доцу дика дохьуш,
Кхане  вайна йан тарло.



29.08.25г.


Рецензии