Берахь санна

Берахь санна ненах хьарча
Хийла хутту сан дог-ойла,
Цуьнан куча юх а лаьцна,
Реза яр со некъ бан г1ашша.

Хьогаллийна бага якълуш,
Т1екхочучехь  хи  а доцуш,
Реза яр со беха некъ бан,
Нана сайна уллехь хилча.

Дог1уш шийла дог1а долуш,
Буьрса буьйса барзах уг1уш,
Реза яр со арахь хьийза,
Мохьтохехь сай Нана хилча.

Хийла ойла карзах йолу,
Ненах къастар дагадог1ий,
Амма шело дагчу йог1у,
Къайлаваьлларг юх ца варна.

Ойла хутту ненах хьарча,
К1еда куьгах барт а йоккхуш,
Амма дог сан делха хутту,
Моттар, лаьттар ю хьо гуттар.

Декъал хила массо Нана,
Ерриг марзо шеца йолу,
Ма йог1ийла  ирча зама,
Г1ена кхоьлах Нана ларйо.

15.08.25шо


Рецензии