Дависа хьан, Чуьйри-Эвла

Дависа хьан, Чуьйри-эвла,
Хьан халонаш алсам йевлла!
Чу ца боьрзуш буса, дийнахь,
Хьан к1ентий бу каде хьийзаш.

Цемзаводо 1алам талхош,
Кхоа ца йеш, ченаш йаош,
Махо йакъош, малхо йагош,
Даима йу балехь йаллош.

Некъаш доьхна, оьрнаш девлла,
Туодан  деза хан т1ехйаьлла.
Т1еман зама карла йаьлла,
Аллах1-Дела,  орцах вала!

Трансформаторах ц1е йаьлла,
Тоькан б1ог1ам бахкабелла,
Сара хаьдда, 1илла бисна,
Хьуна ганза кхин х1ун дисна?

Йахкайелла бирг1а лоьхуш,
Трактор йоллу латта охкуш,
Свет схьайелча хи ца дог1у,
Хи схьаделча свет д1айолу.

Х1ун дан деза задвижкашна?
Цера шовзткъе итт шо  кхаьчна.
Мекхайоьлла, йоьхна хилча,
Эца таро вайн ца хилча?

Лаьтта бежнаш мусор йууш,
Шайн ц1а дерза а ца туьгуш.
Йаьшкийн гуонах уьш д1а х1уьтту,
Нехаш кхосса т1е ца вуьту.

Ц1а боьду некъ биц а белла,
Ц1ов ца биъна, хи ца мелла,
Бежнийн дайшна бац-кха бала,
Дийна бу йетт, йа и белла.

Шен дай, ков-керт диц а дина,
Сагатделла  шен хьаьвдина,
Атто божал кхин ца лоьху,
Урам 1адош  буса 1оьху.

Дависа хьан, Чуьйри-Эвла,
Гур  дуй-те  хьан хьал таделла?


Рецензии