Буьйсанаш д1аоьху

Буьйсанаш д1аоьху, къамеле йуьлуш,
Де-нений дагт1ира шийла хи муьйлуш,
К1антах дерг хаарца, г1айг1анах хьерчаш,
Ирча кхаъ,  ма хуьлла, д1ататта г1ерташ.

Ма г1ерта, сингаттам, цу кхерче кхача,
Дилхина, дисна дац цера са, ла хьо,
Го тассий, балахьа х1усамна гена,
Пурба дац, дог 1овжо мискачу Нена.

Шен жима Джабраил варе сатуьйсуш,
И набарх хаьдда ю, Деле к1ант воьхуш,
Аллах1а жоп лойла до1нашна Нена,
Доккхуш сов ирча сурт, ма хуьлла, гена.

Воьрзийла сихонца жима к1ант ц1ехьа,
Сингаттам, г1ан хилла, баларца кеха,
Де-нена чов хилла дегнаш ца доруш,
Цо баьхьна беха некъ юх ц1ехьа кхочуш.

Йа Аллах! Валахьа  орцаха  тахна,
Хьоьгара г1о деха, дац цуна г1ора,
Ахь кхоьллан, хьа г1ийла малик ду иза,
Хьо воцург Да воцуш, висна ву тесна.

Дерриге адамо Хьа  орца  лоьху,
И  жима Джабраил шен х1усме воьху,
Доьху Хьоь, дерриге Уммата ц1арца,
Пурба ло сихваьлчух цкъа Нанна хьарча.

Буьйсанаш д1аоьху, къамеле йуьлуш,
Х1оранне  до1анехь  диканиг  къастош,
Йа Аллах! Хьо воцург вац дерриг дойзуш,
Бехьа Хьай къинхетам,к1ант ц1ехьа верзош!


11.08.25г
(К1оргера дегалазамца жимачу Джабраилна лерина. Дала ц1ехьа дерза дойла цуьна рицкъа амин йа Аллах)


Рецензии