Дуьне даа ахь

Iайгара худар дечкан кедахь Нанас даадо,
Хьоьстуш, Iехош: «КIорни» бохуш, бера дузадо.
Худар даа лууш доцу беро йаппарш йо,
Ша Iайгара кхаьлнарг Iовший, Нене юха ло.

Йоьлуш Нанас, шена кхоллуш иза Iехадо,
Бетаха цуна баьхчалг хьокхуш, Нанас бат цIанйо.
«Дуьне даа ахьа» бохуш марахь къийладо,
Нанас берана худар-Iайгаца дерриг Дуьне ло…
 
Кога дахна «Нана» бохуш бера долало,
Дешарана из тIетеIош Нанас Iунал до.
Ижо лоьхуш Дений-Нанний дуккхаъ халонш го,
Доьзал кхио царна Дала онда хьуьнар ло.

Дукха шерраш, дукха хенаш, замно яьхьна дIа,
Бера санна худаелла, Нана гIант тIехь Iа.
Когаш лозаш, букар йахна, могшалла дIаелла,
Худар даийна жимчу берах воккха стаг хилла.

ХIинца Нанна Iайгаца худар кIанта даадо,
Нана хьоьстуш, хебаршк яхна кIанта бат цIан йо.
Нанас берана худар-Iайгаца дерриг Дуьне ло,
Беро Нанна худар-Iайгаца – Дела реза во!

01.08.2025               


Рецензии
Иштта, б1аьрг-нехар тоьхна валале чекх эккха вайн дахар.
Дала аьтто бойла хьан!
Ларамца.

Аза Атагинская   25.08.2025 20:23     Заявить о нарушении
Азман, буьйса дика йойла!
Вайн делла долу дахар а, рицкъаъ дукха вай дӏакхоьхьуш...
Дала вайна безначаьрца, Ша реза волу беркате дахар лойл вайна!
Хьуна Дела реза хуьлийла, Дала могуш, маьрша лела йойла хьо!
Ларамца, Апти

Апти Муцаев   03.09.2025 22:03   Заявить о нарушении