Тийналла

Тийналлехь со висча ас ойла йо,
Яханчу хенан талламаш бо.
Хиллачун тидам беш жамIаш до,
Сайгахь дукха гIалаташ суна кара до.

Хьажахь, ма сиха велла хилла-кха со,
Собаре, тидаме, хила везар го.
ДIадойларш ойланца ас кегадо,
ГIалаташна реза воцуш, сайна дов ас до…

Юха а сихцалуш, ас ойла йо,
Яхна хан дагалоьцуш сайга хаттар до:
ХIу дина ас пайдехьа, хьанна йина вас?
Делан доьхьа хIун дика дина техь ас?

Вайн Деле тийналлехь ас дехар до,
Дуьне а, серлонаш вайн Дала ло!
Ойланехь дог хьостий Цо синтем бо,
Буьйсанна, тийналлехь, беттан са го…

Тийналло, ойлано – Са Iаба до,
Собаро, тидамо, стаг кхета во.
ГIалаташ вай луьттуш, нислахь вайн хьал,
Со тешна ву хиларна Делера йал!

29.07.2025


Рецензии