Кела. Гих

Нохч-Келан чухчареш, Келойн ахк, Орга.
Хьал-Кела, Келойн лам, lаннаш а кlорга.

Безамца сан ага техкийна Гих.
Шу гуш бен синтеман хlуо кхетац сих.

Хир дац-кха тахана, аьлчи сан харц,
Дицдина ца лелла, аре йа арц.

Вогlу со бlаьрг тоха хьомсарчу шух.
Шулахь бу сан деган синтеман бух.

Шу деца синкъагам гlаттораш байн?
Шуьца бен синъайъам бозалац сайн.


Рецензии