Диане

Дала тийна дахар хаздеш,
Хьо кхоьллина малхал сирла,
Куц ойланца цхьана нисдеш,
Хаза   амал  хьуна    елла.

Къинхетаме ц1ена дог а,
Йолуш г1онча, г1о оьшучахь,
Комаьршаллийц билгалъяьлла,
Хьай ницкъ болчахь, декъахо йолш.

Жимчахь, хеназ Деха яьлла,
Йиши-веши дог ахь хьисти,
Нена г1айг1а хьайга эцна,
Хьалхе кога хотта дизи.

Делахь,Дала хьо ца эши,
Дика накъост хьуна нисви,
Хьан дог доьхчахь, аг1о хуьли,
Ерриг ойла дашца хуьйцуш.

Делахь, Дала хьан дог хьаьсти,
Дика г1онча Ненах йина,
Йиша-ваша муьт1ахь дина,
Хаза доьзал хьуна белла.

Декъал  хила хьо, Диана,
Йина де хьан ирсе долуш,
Дахар хуьлда хьан кхиъ сирла,
Ког баькханчахь,беркат долуш!

Хьоме доьзал ирсе гойла,
Дала хьуна могшал лойла,
Дика луш верг Дела ву,
Ц1енчу даге хьожуш ву!

22.07.25шо


Рецензии