Доттаг1чуна доьзална лерина

Массарна еза-кха заздолу б1аьсте,
Цул т1аьхьа ларъйо вай самукъне аьхке,
Хьозарчийн шабаршца, мерзачу стоьмашца
Д1ахо вай хаза хан, 1аламо 1ехорца.

Амма ахь сатуьйсуш гуьренца хум делахь, Йицъйо цо аьхкенан хазалла ойланца,
Хун хир ду йишина лар дан цул хьомара,
Шен нанас винариг чуверзоч дийналла.

Аьхкено т1аьххьара куьг ласточ хенахь,
Г1арг1улеш къастаран йиш йолоч хенахь,
Шен х1усмехь бен тоьхна, б1овволуш ваш хилча,
Хун хир ду йишина цул мерза сатийса.

Гуьйренан хьалхар бутт кхаъ хилла беъна,
Ши йиша хьийзаш ю, хазхетар деъна,
Шайн дец1а серлонгахь гаре сатуьйсуш,
Бераллехь шай хилла самукъне йуьцуш.

Тахна кху тойне уьш сатийсарц кхаьчча,
Вешина са дала болуш шайн кийча,
Хьомечу Нена бен седарчех лепаш
Гаре сатийсина, дахделла денош.

Тахна хьайн дахарехь йоьллу ахь, Мохьмад,
Дахаран  керла не1, керта нус кхачош,
Хьайн Нена сий ойбуш, и баьрче йоккхуш,
Хьай даго хаьржанчунг цун ларам кховдош.

Дехийла шу бертахь дахаран новкъахь,
Шу безам совбуьйлуш, ирсо дог хьоьстуш,
Шу ирсах хьерчарца вина Нана жимлуш,
Марзонца кхиийна  доьзал а стомлуш.

Декъала хила шу, барт болу доьзал,
Т1евеъна доьзалхо шу даггахь волуш,
Ирс-аьтто дехачу х1усмехь ца хедаш,
Даимна могшаллийц дик Нана ехаш.

Хуьлийла беркате х1ар керла х1усмаш,
Иманехь т1аьхье кху тхов к1елахь кхуьуш,
Бодане сингаттам койне ца хуьттуш,
Дехийла гуттара,юкъахь барт болуш.


Рецензии