Ибрагимов 1ийсана лерина
Адмашна даларна дарж,
Гиллакхе хил деза цунна,
Ца хилахь, ю шайна харж.
Дахарехь и цхаъ ду коьрта,
Шен даржах ца волуш цец,
Низамца лелахь,ду атта,
Къонахчун ца йойъуш кеп.
Йа Аллах, хастам бу хьуна!
Ца хиларн массо а цхьаъ,
Хоранна хьекъал даларна,
Къаста дан йа харц,йа бакъ.
Хастам бу адмашна кийра
Дилларна бусулба дог,
Царах ву вайнариг суна,
Бакъонца ваьллариг чекх.
Вай к1оштахь суьдхо ву иза,
Шен даржах ваьлла вац цец,
Хьекъалах буьззин бу корта,
Лерамах йа хаьдна вац.
Йа Аллах,бехьа цун аьтто!
Эцахьа тхан эцна дог,
Къинхетам дагчохь цун мел бу,
Ларбехьа цо боккху ког!
Диканца бехьа цун бекхам,
Туолош цун дахаран некъ,
Ас даггар доьху вайн Деле,
Могшаллийц ваккхар и токх!
К1оргера лерамца ас яздо х1ар дешнаш Ножай-юртара бакъ
волчу суьдхочунна а,доьналла долчу къонахчунна а,яхь йолчу
бусулба нохчийчунна Ибрагимов 1ийсана!!!
29.09.20год
Свидетельство о публикации №125071805960