Саца
Сом тахна дог доьхна ву.
Ца тов суна ахь буьттуш болу пуьтш,
Йита хьайн ямарта хитш!
Ма ала хьо бусулба ву,
Хьо иблисан лаамехь ву...
Ахь лелораг Iибадат дац,
Хьан кийрахь къинхетам бац!
Ма ала хьо нохчо ву,
Нохчалла хьун генахь ду…
Iадаташ лоруш ахь дац,
Хьо даймахках дог лозуш вац!
Лаац суна кхин вовза хьо,
ХIара харцо кхин ла соьга ца ло.
Хьо кхалхале дохко вала,
Бойла хьох къинхетам Дала!
15.05.2025
Свидетельство о публикации №125071404753