Акростих

М -арша дахка жималлера  адмаш,
А -рахь гича, вовше дойзар доцу,
Р -еза ю со ч1ог1а шу хиларна,
Ш -у дезарна,еъна кхуза тахна.

А -ла дерриг дикнаг сайца дохьуш,
Д -овзарн лаам жимчу дагчохь кхиош,
А -лсам марзо шуца эца луаш,
Х -1инца ю сан ойла маса уьдаш.

К -арахь йолу зама ю вайн луьра,
А -дам пана дала долуш кийча,
Ж -има хан ю дагалаца езарг,
И  -хало а ду вай селхан гина.

М -арша дахка шу, бусулба йижри,
А -ллах реза  волуш вай гуламна,
Л -ераме, сий долу, къома к1енти,
Л -аьа шуьга могуш- парг1ат хатта.

Е -ха зама вай ца гуш д1аяхна,
Р -аьг1наш ю х1орш, генахь яц вай кхане,
А -мма тахна адмалла ю коьрта,
А -ллаха а и ю вайгахь лоьхарг.

Д -уьне ч1уьркан т1омаца дуьстина,
М -а ойла ян бахьна Цо хоттийна,
А -ла лаьа даггар шу дезарна,
Ш -айн кхане кху дуьненах ларъяйша!

01.07.25шо


Рецензии