ГIайIга

ДIайала гIайга ма хьийза,
Сан коьрте гIерташ ма цIийза.
Бац хьо суна сина таьм,
Вайн юккъехь бу боккха паьн.

Ма хьийза сан неIре даьнна,
Ялалахь гена сан цIенна…
Бакъ дац хьуна тилъелла моьттарг,
Самукъне дац суна ахьа хоьттарг.

Со вацкха ахь лаьцна хьийзорг,
Деш вац со гIайгIана дезарг.
Кхечанхьа лаха хьайн пхьор,
Хьайн ижуна хьуна кхинарш гор!

26.06.2025


Рецензии