Совдегар

Велахь а хьо вехаш совдегар,
Вуй хаълахь хьо гIийла пекъар.
ХIунда аьлча веза-кха вала,
Къаьхьа кад беза-кха мала!

Дахарехь чолхе ду хьал,
Хьо хьесторах ма вала гал.
Ма гIолахь стигала хьал,
Охьавосса хирду-кха хал.

Хиларах хьан онда ницкъ,
Дуьсар ду дуьненан рицкъ.
ДIабовр бу стиглара чиркх,
Ма делахь хьай Дална ширк!

14.05.2025         


Рецензии