Тешам

Массо заманахь тешам беза бу,
Тешам ларбан кIант вайн декхар ду.
Шайна юккъехь ларбойла аш тешам,
Тешам боцчехь хир бу хаълаш эшам!

Шеко йолчехь тешам хира бац,
Бахьна доцуш шеко хуьлуш яц.
Гергарло шайн дита тешам бацахь,
Из гергарло беркате хир дац!
   
Тешаме стаг – онда гIортолла ю,
Халкъо лоруш иза сийлахь ву…
Тешам, марзо – ши хIума стагехь делахь,
Массо неIарш цунна йоьллуш ю!

Тешам ахчнах бухкуш, оьцуш бац,
Тешам баккха – ларо, атта дац.
Делан лаамца хаьржнехь тешаман некъ,
Хьажа гIортлахь вала цу тIехь чекх!

Тешам боцчо бойла шена кечам,
Ша лелийнарг цунна карор ду.
Нахана ша бина болу эшам,
Беза мохь хилла гехь цо текхор бу!

21.04.2022


Рецензии