Махках даккхар
Даьтташ хезара цхьа герз.
Ху хилла те окху дуьненна,
Мича дирзина те х1ара дерз.
Сецира машен тхан кевнехь.
Туьйхира ницкъ мел бу ков.
Хьадилча цу кевна дехьахь,
Лаьтта салти , йолуш топ.
Сиха-сиха ара вала
Элира Дадига оцо.
Кхузара аьлча , гучар вала.
Дадин когахь йелира топ.
Цо пхьарса лецна кхоьссира,
Тхан майра Дада машен чу.
Тхо и йуха ваккха хьоьвсира.
Нохчий , махках бохуш бу.
Доьлху бераш , Наной лоьхуш,
Боьлху зудри 1ана бахна.
Массо бу а Деле доьхуш.
Зен ду деанарг вайна тахна.
Гулдина д1адуьгуш ду,
Стенга дуьгу ца хууш.
Ц1ерпошта чу , тхо хийшош ду,
Мел хиларх тхо ца лууш.
Шелонна леш бара хийла,
Цхьа-а бехка боцу нах.
Дегнаш доьхна , г1ийла.
Дуьне деллера царна къахь.
Т1аккха ц1ерпошт сецира,
Тхуна ца бевзачу махкахь.
Сун хиир , ах къам дегира
Б1ожул чу доьхкина ц1ахь
Салти суна вела къежира
Ц1еххьана вуьйжи Дада лаьтта
Дади б1аьргаш д1ач1аг1делира
И лан дацар суна атта.
«Дада , дада» — мохь белира,
Соьл жимах волчу вешийн.
Дада къиза д1акхелхира.
Аллах1ас ч1ог1а и зийн.
Оцу меттехь со кхийтира,
Х1ара дуьне харца ду.
Ас и де , даг чохь къийлира.
Оьг1аз ч1ог1а вахана ву.
Свидетельство о публикации №125061604755