Письмо брату
Орцах вала стаг а воцуш,
Токхуш ву со хало, бохуш,
Ахь белхабо йишиг бала.
Буьйса еъча, батте хьожуш,
Маьлхан дийнахь коре хьожуш,
Сайгахь дериг Деле делхош,
Ю со, ваша, лазарц къуйсуш.
Дег1ер лазар халчу даьлча,
Ас Деле сайн гечдар доьху,
Амал доцуш йисайоьлча,
Даго суна дикнаг хьоьху.
Цу халонгахь со йоллушехь,
Лазарц къийсар совдаьллашехь,
Хьан г1айг1а ю коьрте хьийзаш,
Дег1ехь долу лазар дицдеш.
Хазчу дийнах самукъдолуш,
Еха буьйса маса идош,
Г1а-набарша ойла хьоьстуш,
Яьхьна зама генахь йисна.
Дийцарш хилла, хилларш дисна,
Тамаш бан а стаг ца висна,
Дела воцург вац кхи г1онча,
И ду ч1аг1 дан дезарг дагца.
11.06.25шо
Свидетельство о публикации №125061104820
Петимат Давдаева 11.06.2025 22:31 Заявить о нарушении