Акростих
У Уьнах ц1ена х1аваъ даьржи.
Р Рег1а т1ехьара малх г1аьтти.
Д Дог1ано дашийнарг дакъош,
А Адамашна йовхо кховдош.
Ш Шахьарш, шира б1аьвнаш къагош.
О Охьахецна цуо шен з1аьнарш
М Малх массарел хьалхе г1отту,
А Анайист цо серла йоккху.
Л Лела сарралц шен варкъ 1енош,
Х Х1ора зезаг хьоьстуш, делош.
Свидетельство о публикации №125052604257