Сан дахар
Дахаро дог делош лелла.
Ирсана не1 йоьллуш,
Халкъана йовхо луш яьхна.
Цхьалха дац сан дахар,
Диканах со даим тешна
Жималла д1айаларх
Ца йайна сан эшарш эрна.
Припев:
2.Ойлано жималле
Йигча дог сан т1ома даьлла.
Дахарал а хьалха
Йала г1ерташ со ца лелла.
Дерриг ирс д1адекъна,
Шу ирсе дан суна лиъна.
Сан дуьнене хьежар
Кхолламо дог хьоьстуш хилла.
Припев:
Сан дахар!
Хьо д1айоьду шераш текхош сан,
Х1ай зама,
Со дуьнен чохь хьаша а хилла
Ца йаьхна,
Йоьжча г1атта со ахь 1амийна
Сан дахар.
Йовхо суна луш дог хьаьстина,
Сан дахар,
Атта некъаш сайна аса цкъа
Ца леэхна,
Боккха бахам хеташ дикалла
Со йаьхна
Ирс долуш хьо дукха йехийла,
Соь ала.
Вуочу балех ларйан дош лохьа
Сан дахар!
Азман Джабраилова
Свидетельство о публикации №125050105888