Мамакаев Эдикна лерина

Кхузахь санна ч1ег1ардагна маьрша,
Хецна  х1усмаш  суна йайна яц,
Урамаш а дехкина, уьш дехаш,
Сайн  дахарехь цкъа а дайна дац.

Со цецваьлла, кхарах самукъдаьлла,
Х1ар керт-ков а хаздинарш ду уьш,
Дехийла шу гуттар могуш-маьрша,
Вай кхоьллинчо  ду шу цаьрца зуьйш, -

Бохуш,царах баккъал самукъдаьлла,
Суьрташ даьхна, бераллеъ  оьхуш,
Д1авахара хьаша, вайга веъна,
Массо хумнал хеташ башха уьш.

Вара иза вайн юьртар вахархо,
Г1араваьлла волу яздархо,
Мамакаев 1арбийн т1аьхьех волу,
Цун к1ант Эдик, сийлахь махкахо.

Олуш дукх  вайн  неха, хазчу дешо
1уьргара лаьхь баьккхина оли,
Ишта шеха дийца хазниг дитна,
Декъал хилла тахна яздархо.

Хаз дош алар а суннат лерина,
Ца олучунгар и даккхалац,
Амма адмийн дега барме хьаьжна,
Хуьлу багар йолуш йолу  1а.
   
 21.04.25шо.


Рецензии