Ямарта дегнаш

Ца мега со хIилланаш лелош,
Гуш харцо даго ца лов.
Йоьхь доьхьал эсала къежаш,
Букъ тIехьа деш долу дов…

Кийрара къаьхьа дIовш къуьйлуш,
МоттаргIаш лелаеш доьлуш.
Ма хета нах шайлла атта,
Шайн ямартло гуш яц ма мотта.

ХьагI йолуш, къиза хилча дог,
Ирсе волш вехар вац стаг.
Iаьржачу даго шен кийрана ницкъ бо,
Цо этIаш ша хIаллак до!

Ца хета шун Делаха аьхь?
ДIаяккха кийрара хьагI!
Ямарта, шалгIе йолу нах,
Шун ши шай бац шуна мах!

15.03.2024


Рецензии