Хьомечу Аишина лерина

Ас ца йора хьалха  цуна  ойла ,
Берийн беро муха 1ехаво,
Баккхийчара даимна и олуш,
Цунах тахна кхетна йог1у со.

Да-нана д1адаьлла, цхьалха висча,
Б1аргийн нур д1адайна, байна чам,
Мерзаниг а, кхаьллич, къаьхьа хеташ,
1ехалац хьо, белахь долахь Лам.

Бахам, дахар делахь нурах  лепаш,
Дуьнен даьхни делахь долахь хьан,
Амма дац х1ар дуьне ойла 1ехош,
Д1абайча и дагт1ир стогар цкъа.

Амма ду цхьа бахьна ойла 1ехош,
Делер совг1ат хуьли кхочуш схьа,
Берийн бера ду и бода къахкош,
Самукъдокхуш,ойла 1ехош хьан.

Ас ца йора хьалха цуна ойла
Йа маь1ан дан со г1иртина яц,
Тахна берийн бера гуча даьлча,
Ойла 1ехош ериг и бе яц !!!

09.04.25шо


Рецензии