Дехар

Йа Аллах, г1о дехьа  мискачу лешна,
Кафири 1азапехь ма битахь тесна,
Хьо цхьаъ ву  гуш вериг, хууш верг дерриг,
Кхин амал дацаро тхан дегнаш дери.

Йа Аллах, валахьа орцаха тхуна,
Геч дарца къиношна, къарварца мостаг1,
Мискачу берашна ца гойтуш къиза
Цу т1ема   ирча йоьхь, сомах йа г1енах.

Йа Аллах, лохьа тхан до1нашна жоп а,
1эсалле ца хьожуш, мискалле хьаьжна,
Мохьмада Умматах мел долу Адам(с.а.с)
Даккхахьа парг1ата, къинхетам барца.

Къинхетме, къинхетам беш волу Дела,
Дерриге дуьненан варкха хьо Эла,
Ницкъ бу Хьан, цхьан дийна и дерриг хийца,
Йа Аллах, доьху Хьоь, къинхетам бехьа!

09.04.25шо   


Рецензии