Сендарг
Серла боккхуш гонах бай
Мелчу махца къовса лиъна
Д1а-схьа техка зезаг дайн.
Зезагашлахь сендарг леста,
Стиглан басах ийна и.
Берийн б1аьргех тера хетта,
Аса цуьнан тидам би.
Куьце зезаг, оццул хаза,
Аренгара сийна б1аьрг
«Со белара иштта хаза»,-
Бохуш, д1огахь техка ба1
Бес-бесарчу зезагашлахь
Сийна сендарг башха го.
Адамашна шен хазалла,
Оьхьуш, вайн дог оьцу цо.
----
*Сендарг- василёк
Свидетельство о публикации №125022705765