Соьлжа-г1ала Грозный

Сийлахь, йеза - йоккха г1ала!
Соьга йицъе хьо ма ала.
Дахна денош,ихна хан,
Хьан хазаллех хилла г1ан.

Везан Дела,орцах вала,
Кхин ма гайта йоьхна г1ала,
Б1аьргаш кхуьйли х1инца са-м,
Т1екъал ц1инех хилча чан.

Тахна ара массо вала,
Денъйан йеза Соьлжа-Г1ала,
Лайна 1азап, гина т1ом,
Амма ч1ог1а хила хьо-м.

Нагахь йеънехь ирча зама,
Ахь сатоха, Турпал-Нана,
1ийжа дегнаш, байна чам,
Висна вац ца бойнарг т1ам.

05.03.2004год


Рецензии