Ойланашца юцур ю буьйса

Тховса ю г1айг1ане буьйса …
Ойланаш ляьцна сан корта.
Х1ун хир ду хаац-кха кхана,
Хиллариш диц далац-кх цкъаа!

Лайнариш дийцаре ляьцча
Хира ду и доккха цхьа туьйра,
Цец вуьлуш цуьнга ла доьхуриг,
Тамашийн чулацам болуш …

Ам бакъ ду , ирсанах дуьзза а
Дяьхкина хийлаза денош ,
Диццощ мел хилла зенаш а,
Чим хилла д1айойуш вуо ларш !

Ойланашца юцур ю буьйса …
Масалла оьцуш кхин нахах
Лелар яц  , йохучу ханна !
Сайх дер ас нахана масалла!)))

27.01.2025
Айза Тайсумова


Рецензии