Ненан марзо

Гуьйренан дог1анан мукъамехь, ницкъ боцуш, г1ийла
Ша цхьалха лаьттачу диттах ас тарди-кха сайн дог…
Нана шен уллохьа ца хилча хуьлу и шийла,
Дуьне а хеталуш кхоьлина, х1оьттина к1айн дохк.

Ца тоьу, балане даьллачу кху дагна, марзо,
Самукъа ца долу цхьанхьа а, хаалуш цхьалла.
Нана бен ма йац кхин говзанча чевнаш д1айерзо,
И йоцуш герггахьа, дог деха детталуш халла.

Некъ арабоккхуш ас, ца хезча ненан аз т1аьхьа,
Сингаттам кху дагчохь иккхина вуьсур ву моьтту.
Ц1ехьа со вирзича, ховхачу куьйгашца мара
Нанас ца къевлича, х1умма дан ницкъ а ца хуьлу.

21.11.2023


Рецензии