Безаман хан

Безамаш буьйцу хан дlайахна олу.
Аьрхачу даго ша реза дац олу.

Гlиллакхах кхоллало лараман тай.
Цунах ду дегнашна йуккъера тlай.

Дистина догlу хи-м меттанаш дай.
Цаьрга и дохалахь, дерриге дай.

Хиллариг дlадаьлла, бlарлагlа йисна.
Ткъа цунах тийсалуш, вай хlунда дисна?

Хиллачун lиндагlах ийзалуш lахь,
Ирс гур дац азаллехь, мичча вай гlахь.

Кеманна, мох лаца, паргlато оьшу.
Бердах и дихкича, заманца лоьшу.

Ца къуьйлуш, схьадаста деттало дог.
Тохийта дахаре сатесна ног.


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →