Т1емана Дин
ТIулгеха бухдуьлуш хи долало.
Гу тIехь йолу ремане дIахьоьжу со,
Терсаша, бергш етташ сайн дин суна го.
Ма била цеце хьо, сан турпала дин,
Хала ду хьох къаста сан дагна-син…
Йоьхь лоцуш, тIехууш, ас Iамира хьо,
Хилаза ахь кIелхьара ваьккхира со!
ТIемана къизаллех боьллакха хьо,
ТIедетта даш-молхех хьо кхера ца ло,
Луьрачу тIама юккъехь чухьедча бIо,
МостагIчун йоьхьдоьхьал ахь хьора со.
ДIаьндаргаш, чачмаша цоьстушехь хьо,
Ма боьдда юкъа эккхий ахь боькъура бIо…
Чевнаша гIелдина доьжча сан дегI,
Iу хилла сан коьртехь ахь дора ха…
Цу балех со ваьлча ас чIагIо йо,
Iаьржа вайн латта ас теш хоттадо!
ТIемаха чекх ваьлла висахьа со,
Даймахкар басешкахь дIахеца хьо…
Вай хьегначу хене Дала кхачадо,
Ас йина сан чIагIо Цо кхъобал йо!
Даймехкан басешкахь ас буьту хьо,
Маьрша болш бахалахь, сан доттагI хьо!
11.09.2024
Свидетельство о публикации №124091105310