Бахаман лай
Хьо-м Адам Пайхмара кIант вай!
Хьо хьолана йисарехь ву,
Хьан лелар хийца делла ду.
Бахамо тила во стаг,
Iехавеш лоцу цо лаг,
Мел дукха гулдарах рицкъ,
Хетало, цатоьуш ницIкъ.
Ларло хIай, ма вала гал,
Сутарло ю чIогIа хала.
Дуьненан, марзонийн чам,
ЧIагIло ахь маьлла лоьху там...
Кхачорехь дахаран къоьла,
Хьо дуьнен маьIIахьа лела,
Вахча а муьлхачу гIала,
Лаьтташ бу кийрара бала.
Ма дохка бахамах сий –
Ларде хьайн дайн оьзда цIий!
Йисарер кIелхьара вала,
ДIабаккха хьайн кийрара бала!
Озаллехь хьо вехаш хир вац,
Я кийрара са Iебар дац.
Вайн къоьлла вайн кийрахь ю,
Вайн оьшариг – иза кхачам бу!
Саьхьар стаг Iебар ма вац,
Йа сутарнаг вузар ма вац...
БIаьрмецкал яцара хала,
Дезаш вай дацхьара дала!
02.06.2024
Свидетельство о публикации №124091105185