Кхалхархой. Йорданерчу, Шемарчу, Турцерчу нохчашна
Диллира хlораммо ков.
Нана йац кхин, марахьерча.
Туьллур дац кхин дечиг кхерча.
Садетта кхин боцуш ницкъ.
Кхачийна даймахкахь рицкъ.
Некъ йуьхьарлецира наха,
Сатуьйсуш нийсонехь баха.
Дахкарлахь тийжара кешнаш.
Дацара дог айъа дешнаш.
Вордан тlе йоьттина баккхал
Йацара, бутт новкъахь баккхал.
Хаацара кхочур ду мича.
Лалур дуй къематде, гича.
Буьйсанна шийла дарц хьоькхуш,
Мацалло, махкалло хьоькхуш,
Гlамаршлахь де дайна оьгуш,
Хин къурдах, бепигах хьоьгуш,
Доьлхура гlаларташ дайн.
Белла а, сий лардеш шайн,
Къар ца луш боьлхура нах,
Бовзарна маршонан мах.
Свидетельство о публикации №124080800269
