***
Матто бен гойтуш дац цу къоман васт.
Маттаха д1ахедча и делла лоруш ду,
Т1ехьарчу т1ехьенна цадуьссуш кост.
Орамаш хеддачу диттанах тарло,
Къомах а маттах а д1ахеддариг.
Дахарехь цо йоккху хан йаккха тарло,
Дуьненахь хир йоцуш шел чемзаниг.
Х1оранни дегнаш ду шен къомах доьзна,
Къомаца боьзна бу х1ора а мотт.
Ткъа деган синтем хьан цу шиннах боьзна,
Д1ахадахь йоьхна йу дахаран чот.
Свидетельство о публикации №124030505139