1а!

Ц1окъберган месал, лекха к1айн куй боьхна,
Г1ург1азан мас-касан верта, махехь ловзош,
Т1аьрсиган ша-тайпа дехха, пезагаш доьхна,
Схьакхаьчна 1а, детийха гила говза хьовзош.

Гуьйренан дог1анаш, гужамдаьккхина 1алам,
Кечдина 1аьно къондеш махмаран духаршца,
Г1ура чечакхан тикманаш дуцуш беш т1алам,
Хебаделла  диттанаш дохдеш лайн кетаршца.

Аренаш а тог1енаш а дахкаршца  тхьовсийна,
Г1енашка дожийна, к1айн йуьрг1а т1етоссуш,
Б1аьсте йаллалца  шелонах  дика ловчкъийна,
Шеран омра лардеш, д1адоьду 1а луо тоссуш.

Кура лаьмнаш, дато г1аг1анаш т1екхоьллина,
Турс хилла лаьтта, Даймохк дарцах къуьйлуш,
Аьрзо хьийза  стигалахь, т1емаш д1адиллина,
Олалла деш лаьттана шийла х1аваъ муьйлуш.

Маьлхо кхоа ца йеш, экам  з1аьнарш хьежайо,
Шелонах чекхйохуш, сатийсам меттахбоккхуш,
Дуьне уьнахц1андеш, 1аьно  к1айлла йаржайо,
Туьйранан б1арлаг1ашца, дог парг1атдоккхуш.

Т1ехдика х1ума ду-кх 1а делахь хила ма-дезза,
Лайн оьланаш а йолуш хиш т1аьхь ша а болуш,
1аьнан  тамашена исбаьхьа суьрташ дукхадеза,
К1ад ца луш д1ахьоьжу цаьрга, самукъадолуш! (С) 01.12.23.


Рецензии