***

Хьом хьийзаш ву толаман да хилла,
Мекарлонах айхьа дина герз.
 Дериг Дуьне хьайн долахь тарделла,
И дезар а хьайна дина фарз.

Ахь Дуьненан бахамах доьхкина ,
Хьайн дайх дисна, кхаьчнарг совг1атна,
1ильма хир ду терзант1ехь дайделла,
Хьан бахаман мохь а базбелла.

Бахам ахь кешнашка хьур цахилар,
Иза-м кхин башха даккхийчех а дац.
Къемат дийнахь тхов хьан лахьтийчуьра,
Базлур хилар цхьаа шеко а йац.

Зарина Шаухалова


Рецензии