Сина стигал
Сира экъа,дашу юкъ.
Йиш еларкха лачкъо тийна
Хьан хазаллех жима юхк.
Сарахь суьйре,1уьйран 1уьйре.
Дийнахь де а хаздо ахь.
Кху 1аламехь газ ду суна
Хьоьл сийлахь сурт,хадо мах.
Маьрк1ажхенахь хьай бос хуьйцуш,
Дарий сана къега хьо,
Т1ам а тоссий, и седарчий
Шайн мог1ар д1ахиттадо.
Сирла стигал,сина стигал,
Хьо сан б1аьргийн бахам бу.
Хьоьх б1аьрг тоьхчи, сахьто санна,
Сан даго болх чехка бо.
Къорза дари,маьрша аре,
Сина стигал, дуьнена т1ай,
Хьоьга хьежа б1аьрг ца хуттуш,
Хир яр реза, туьйра, х1ай!
10.10.2004год
Свидетельство о публикации №124020807252