Маккина лерина

Коканий бешара коканаш лач1къийна,
Хьан нанас кхоьллина хьан б1аьргийн хазалла,
1аьржачу буьйсанах цхьа дакъа  даьккхина,
Хьан нанас юьйцина сил хаза к1ажараш.

Дахарехь д1абахьа, беха некъ биллина,
И къайла елира, йо1 яха йитина.
Цундела тахана доьналлех ца юхуш,
Дикачу цу Далла хастам беш хилалахь,

Хилалахь хьо сема, къовсалахь цамгарца,
Хьан г1онча Дела ву,ладоьг1уш ши йо1 ю.
Коьртаниг  тешар ду, ницкъ луш вверг Аллах1 ву,
Ша тоьхна лазар а д1аэца кийча ву.

Хьан вежарий г1ийла бу, т1ехитта хала ду,
Йишина б1аьр хоьжуш, г1айг1ано лаьцна бу.
Хилалахь собаре, сатуьйсуш  дикане,
Вайн Дела дика ву, цо лазар къахкор ду,

Дерриге  адамо хьо Деле  йоьхар ю,
Цу Дала могшаллийца хьо ц1ехьа ерзор ю.
Шин  веши дог хьоьстуш, хьо дуккха а ехар ю,
Хьан х1усме доьзаллийн доьзалш а хьийзар бу.

14.01.2014год


Рецензии