***

Нохчийн мотт дебабеш сайн байтий ага
Техкор ду ненан мотт байлахь цабита.
Х1оранни кхачор бу и Дагна герга,
Шеца шовкъ йоцуш кхин цхьа а цавита.

***
Хийла йахь йолу к1ант ахь кийра хуьйдина
Массане осал верг хьайн букът1ехь лайна.
Мадисса латта хьо къонахий доь дайна,
Сий-иэхь шайн доьхкинарш хьо хьиэша биссина.


Рецензии