***

Олучу дашна кисан кхийдаш
Нохчо цкъа а ца лелла
Цуьнца дашца къовса ваьлларг
Шен милт йаьгна виссина.

Х1илла лелош дарже кхийдаш
Лакхе къуьйсуш ца лелла
1аьржачуметтехь ч1урам санна
Шеха серло гайтина.

Нохчийн амал йовза луъчо
Сан байташка ладог1а
Ас ма йарра гойтур шуна
Цуьн амалан башхалла.

К1еда-мерза хир и хьоьца
Ойла йелахь хьан ц1ена
Куьзган хьоьжуш санна хьуна
Хьайн сурт гур ду даима.

Нагахь 1аьржачу дагца ваг1ахь
Дикане са ма тийсалахь
Айхьа вог1уш деънарг аьцна
Хьуо д1аг1ур вуй хаалахь.


Рецензии