***

Де-дийне хьайн болар сихдеш,
Йорт аьцна йоьду хьо зама.
Йитахьа цхьажимма сатедеш
Безачийн марзо со иэца.

Бералла ахь д1ахьо ловзарех 1абале,
Къоналла ахь хьошу Безам а бовзале.
Къаналле кхачаво б1аьрг-нег1ар тохале,
Хьо стенга сихйелла алахьа зама соь.

1ожаллин гуранаш тхан новкъа дуьйг1уш,
Къизалла хьайн оьхьуш хьо маса  хьийзарх.
Оьмар сайн йахйеш, хьан пусар доцуш,
Къарцалуш хьо сацо ас ч1аг1о йина.


Рецензии