***

Дац х1ума Дуьненчохь къонахчуьн собар,
Кхачада харцада, йа иэшада
Ду иза шиэ долахь ницкъ болуш онда,
Саттадал дахчийнчу болатан тур.

Къонахчуьн са латтон б1ог1ам бу собар,
Цуьн динан багара дуьрста йу и.
Х1ар Дуьне латтош дерг-къонахчуьн собар,
И кхачаделлачохь духур ду и.


Рецензии