***

Йуха а б1аргийн нур кхуолош,
Бодано д1алеци малх.
Хьоьх йоьзна ойланаш киэгош,
Дагчохь ас йаржайи чалх.

Х1уммаъ дац, бода д1атоттуш ,
Йуха а кхетар бу малх.
Хьоьх йина ойланаш йагош,
Дагчуьра йоккхур йу чалх.

Ц1еначу  кехат т1е дахар
Сайн, йуха йаздийр ду д1а.
Шекъа йа беснаш цакхуош,
Хаздина хоттор ду д1а.

Хьо дохко вера ву т1аккха,
Со тесна йитарна д1а.
Сом г1ур йу г1урат1ехь санна,


Рецензии