Нохчийн матте

Нохчийн матте

Хьоьх лаьцна ала ,байтйаздархошна,
Кхин цхьа а ца дуьтуш,
дошамехь дош,
Исбаьхьчу вастаца, уьш вовшах тесна,
Кховдор бу халкъе д1а,кочарийн муш.

Буьссур бу хьо т1аккха,халкъана кочахь.
Хьайн хазчу нуьраца, и лепадеш.
Х1ора а вехар  ву, кху Нохчийн махкахь.
Хьо шеца хиларах, дозалла деш.


Рецензии