***

Ас хьайга кховдийна тешам,
Даггара доьху т1елаца.
Сан Дагна кхин ца беш иэшам,
Хьуо реза хир велахь  ваца.

Ойланехь дукха хьестарна,
Дагна хьо гергара хета.
Цундела цахета эрна,
Дог дастар сайн хьоьха  летта.

Хьо цхьаъ ву кхардам а боцуш,
Сан Дагах даиман кхуьург.
Сайн Деган къайле ас йостуш,
Муьлха а бала сайн буьйцург.


Рецензии