Баден-Баден

Цхьа нохчийн мух1ажар хилла Германи дозанах халла дехьа а ваьлла
кеманца Баден-Бадене д1авоьдуш. Кема лаьтта вахьадуссуча хенахь
д1акхайкхам хезна:- Маршалла ду шуьга! Шу вахьадуьссуш ду хьеший
дукха безаш йолун, хазчу, исбаьхьа Баден-Бадене, аьлла... Ва-а, олуш,
нохчо цецваьлла! Иштта а ма кхета вай-м, йуьх-йуьха а дерг ма-дарра
д1абохуш, ас дозане санна, къа хьега оьшуш а ма дацара!


Рецензии