Ца хьулайо

Хьийзадеш детиха лепа луо, махо хьоьсту,
Ц1аьлг1арзано коре эшаршца саг1а дехча,
Бепиган цуьргаш цунна, бегаш беш цоьсту,
Виц ма велахьа со бохуш б1аьсте т1ееъча.

Ларамаза корах арахьаьжча тидам хилира,
1амчу доьжна, цициг дара шийла доьлхуш,
Ж1аьло хьаьдда иза хи чуьра схьатилийра,
К1еда синтем луш коьртаха мотт хьоькхуш.

Иштта тамашена х1ума гича легаш лоцуш,
Дависса-кх аьлла ойла йуьйжира кхетамчу,
Ж1аьлечулла а къинхетам, дагчохь боцуш,
Х1унда леста техьа адам, бен доцун 1амчу.

Вуон деъча, вовшенна бан ца ларош кадам,
Замано къам инзаре б1аьрздина, къардина,
Г1аларта лакхенаш лохуш, сихаделла адам,
Дуьненан хьал гулош, къинхетам биц а бина.

Ца хьулайо дукхабезачарха к1еда-мерзалла,
Куралла д1атоттуш дегйовхо наханна д1ало,
Хазалла  сарралалца йуь, валлалца дикалла,
Бохуш, со цхьанне пайден хилча дог делало.

Орца дехахь г1о дан вада кийча ву догц1ена,
Нохчалла сан ц1ийца д1аийна ву хастамбеш,
Х1оранна а сий дан лаам бу сан х1ора денна,
Йахь йолун оьзда нах воккха а веш хестабеш.

Хьанна а со тамашена хетахь вац оччаволуш,
Къилалуш вац, шуьрра синдикалла д1айелла,
Дезза г1овтал т1едохарха вац самукъадолуш,
Хазчу г1иллакхца догдог1у, наханна хазавала. (С) 06.01.24.


Рецензии