Нани-бери... мать и дитя

Нани бери къастош вериг, дакъаз вала хьаьхна вверг,
Дерриг дуьне доьхьал даьлча, церан къих ца вераверг.
Мила ву и нийсо йинарг, моьттуш шегахь ду и дарж,
Мискачу Нена дог делхийнарг,цун могшаллийн йинарг харж.

Ненах бера къасто ваьхьнарг, жоьпаллех ца вераверг,
Кхана Дала велхонвериг, дохко вуьйлуш, хьийзанверг.
Мила вар хьо, Нана елхо, доьзалхочух къастийна,
Хьо дуьненан Да ву моьттуш, харцон г1ала йиллинарг.

Мегар дац шен коьртал лакха кхийда,Дела лай дув ай,
Бакъо,харцо вайна гайта, Цо диллина нийсон т1ай,
Нани - бера деза лору, церна юкъахь доза а дац,
Уьш къасторан къа т1е лаьцнарг, и бусулба ван а вац!

16.12.23шо


Рецензии