Ларделахь гIант

Ларде хьо охьхиъна гIант,
Велахь хьо хьайн де оьзда кIант.
ГIант лардан атта болх бац,
Иза хуъш берш дукха хуьлуш бац.

Ма гIертлахь къиношна гаьрга,
Ларбелахь неха хIусмехь бIаьрг,
Неха шуьнехь хьайн гай ларде,
Сутар волш цкъаъ пхьор ма де!

Волчунна оьгIазе, шога,
Iамалаш цIе хуьлий йога.
Халкъа юккъехь хьайна мотт ларбе,
Нахана гIибатш ма де!

Сан доттагI, ахь само йе,
Хьуьнарца хьайн амал тайе,
Сий дойъу гIалатш ма де,
Хьо охьахиъна хьайн гIант ларде!

22.08.2023


Рецензии